ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонца йоцучу митингехь дакъалацарна гIуда тоьхна гIалгIайн жигархочун


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Магасерчу кIоштан кхело бехке йина меттигерчу юкъараллан жигархо "ГIалгIайн къоман цхьааллан комитетан" декъашхо Матиева Анжела, бакъонца йоцучу нахана гуш-хезаш йолчу акцехь дакъалацарна. Цунна гIуда тоьхна суьдхочо 10 эзар сом барамехь.

Матиевана бехке диллинарг ду стохка ГIадужу-баттахь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бинчу бартана дуьхьал Магасехь бакъонца йоцучу митингехь дакъалацар.

ДIабаханчу Стигалкъекъа-баттахь ГIалгIайчоьнан Лаккхарчу кхело ницкъ болуш лерира из "Ингушнефть" компанера Матиева дIаяккхар нийса лоруш Малгобекан гIалин кхело бина сацам. Шена жигархочунна хета ша дIаяьккхина аьлла шен махкахочун жигара позици хиларна.

ПIераскана дийнахь Малгобек гIалин чоьхьарчу гIуллакхийн декъан белхахоша лаьцна полице дIайигнера Матиева Анжела. И хаам бинчу "Обзор" зорбанан гIирсо яздора, бахьана хууш дац бохуш.

«ФортангаORG» телеграм-канало яздарехь, полисхой шозза баьхкина хиллера Матиева ехачу хIусаме. Дуьххьара баьхкича церан аьтто ца баьллера иза дIайига, оьшуш долу кехаташ цахиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG