ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох полицино лаьцначу «Медузан» журналистана эшна Путин Рунетехь  


Путин Владимир Петарбухехь.
Путин Владимир Петарбухехь.

Google-ан хаамаш лоьхуш хаттамашна юкъахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира шена тIе кIезиг тидам озийна ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцна волчу "Медуза" зорбанан гIирсан журналисто Голунов Ивана озийначул а. Цунах лаьцна хаам бо "Открытые медиа" сайто яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

ПIераскана дийнахь Путина къамел дира Петарбухерчу дуьненаюкъарчу экономикан форумехь, ткъа полицино хаам бира Голунов лаьцна шаьш, наркотикаш яржош хиларна шеко йолуш аьлла.

Журналистца хуьлург хIун ду хаа лууш хаттамаш бина 20 эзар сов стага. Оьрсийчоьнан президенто дуьйцург хIун ду хаа лууш бара вуно кIезиг нах. "ТIех хир дац, Голунов лацаро Путин Владимирна а, Си Цзиньпинна а (Китайн куьйгалхо) форуман хьалхара де талхийра аьлча", - яздо The Bell зорбанан гIирсо.

Мила ву Голунов

Голунов автор ву Москох гIалин Iедалхоша бюджетера ахчанах цхьацца хIуманаш эарх а, нехаш дIаяхарца а, белларш дIабухкучу а бизнесах лаьцначу материалийн. Цо таллам бар бахьана долуш гучуделира Москох дагахь хилар цу гIалахь гулйелла нехаш Оьрсийчоьнан кхечу регионашка дIахьажо планаш хиларх лаьцна. Голуновн материалаш бахьана долуш аьтто белира миллиардаш соьмийн мах болу пачхьалкхан цIарх цхьацца хIуманаш оьцуш кхайкхийна тендерш юхаяха.

Журналистана гIортор еш кечйинчу петицина тIе куьйгаш таIийна 10 эзар сов стага. Иза дIахецар доьхуш пикеташ хилла Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь а, Вашингтонехь а, Лондонехь а. Уьш совцуш яц Москох Петровка, 38 урамехь йолчу чоьхьарачу гIуллакхийн министраллан гIалин урхаллан гIишлонна хьалха а.

ТIаьххьара болчу хаамца, Голунов цIахь лаьцна латто сацам бина Москох гIалин кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG