ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан рогIера "Прямая линия" хир ю Мангалан-беттан 20-чохь


Путин Владимиран зорбанан конференци.
Путин Владимиран зорбанан конференци.

Ламастан 17-гIа президентан Путин Владимиран "Прямая линия" программа хир ю кхушара Мангалан-беттан 20-чохь 12 сахьт даьлча. "Пачхьалкхан куьйгалхочо юкъараллин-политикан а, социалан-экномикан а мехкан дахарх а, ткъа иштта дуьненаюкъарчу хьолах а лаьцна махкахойн хаттаршна жоьпаш лур ду", - аьлла ду Кремлан сайта тIехь, яздо "Коммерсанто".

Президенте хаттар дала мегар ду СМС-ца а, ММС-ца а, «ВКонтакте» а, «Одноклассники» а социалан машанашкахула а.

"Прямая линия" программа гойтур ю Оьрсийчуьрчу «Первый» а, «Россия 1» а, «Россия 24» а, «НТВ» а, «ОТР» а, «МИР» а телеканалаша, ткъа иштта хозуьйтур ю «Маяк» а, «Вести FM» а, «Радио России» а радиостанцеша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG