ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ток лачкъийначун туху гIуда алсамдаьккхина Оьрсийчохь


Гайтаман сурт.

Оьрсийчохь хьалабаьккхина къайлаха тоьках а, йовхонах а пайда эцначу нахана тухучу гIудан барам. Цу хьокъехь низам болх бан доладелла Мангалан-беттан 9-хь дуьйна, хаам бо "Парламентан газето".

Дуьххьара къайлаха ток ягийначун тухучу гIуданан барам хьалха санна бисина - 15 эзар сом бахархошна, 200 эзар сом юридикан статус йолчу компанешна а, юкъараллашна а.

Амма шозлагIа низам дохийначу стагана тухур ду 15-30 эзар сом гIуда. Даржехь волчун – 80-200 эзар сом. Ткъа юридикан статус йолчу компанешна а, юкъараллашна а, иштта дIа кхин а тухур долчу гIуданан барам бу 200-300 эзар сом.

2017-чу шарахь "Единая Россия" партин депутаташ чубохка лууш бара ток лачкъорна гучубевлла нах, амма энергетикан министралла реза ца хилира цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG