ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Россельхозцентр: «ЦIоз гучудаьлла Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанца"


ЦIоз. Гайтаман сурт.

900 гектар гергга латтанашкахь цIоз карийна Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанца, хаам бо РИА Дагестан агенталло. Цу кепара жамI дина Мангалан-беттан 8-чохь цу территорешна таллам бинчу «Россельхозцентр» урхаллан говзанчаша.

ДIабахана Стигалкъекъа-бутт болалуш Нохчийчуьрчу Грозненски а, Гуьмсан а, Шелковскойн а кIошташкахь цIоз даржа мегаш ду аьлла? дIахьедар динера Нохчийчоьнан юьртабахаман министралло.

Говзанчаш дийцарехь, охана деш карийна цӀезан хIоаш. Цара бинчу хаамца, царах нӀаьвцицигаш хилар долало Стигалкъекъа-беттан хьалхарчу 10-20 дийнахь. Цул тIаьхьа цхьа бутт ах бутт балале тIемаш довла царна. ТIаккха жигара долало цIоз, дийнахь-бусий 100 километр гергга некъ а беш.

Юьртабахамхоша билгалдоккху, цIоз маситта кIиранах бен дехаш цахилар. Амма оцу хеначохь цхьана цIезо юъу 300 грамм гIа-буц.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG