Товбеца-бутт чекхбалале Туркойчоь сацам бан безаш ю ша Оьрсийчоьнера С-400 ракетийн системаш оьцу я Iамеркера F-35 тIеман кеманаш оьцу бохучу хаттарехь.
ББС-но бинчу хаамца, Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министран декхарш кхочуш дечу Шэнахэн Патрик хаддош дIахаийтина иза Туркойчоьнан тIеман министре Хулуси Акарга ша хьажийначу кехата тIехь.Шанахэна дийцарехь, Тукройчоьно цхьаьнаметта оьцийла дац Оьрсийчоьнан системаш а, Iамеркан тIеман кеманаш а.
Iамеркан Iедалша чIагIдарехь, С-400 йогIуш яц НАТО-но лелочу барамашца, иза кхераме ю цу тIеман альянсан ницкъашна. Цу системийн метта шайн "Пэтриот" комплекс эцар кховдийна Хонкаре Вашингтоно.
ТIаьхьарчу хенахь пачхьалкх ларъярехь йозуш йоцу политика дIаяхьа гIерташ ю Туркойчоь. Цуьнан Iедалш дийцарш дIахьош ду Оьрсийчуьра герз эцар хьокъехь.