ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Атамбаев: Батукаевн гIаллакхехула бух боцуш хьийзош ю Салянова


Атамбаев Алмазбек.
Атамбаев Алмазбек.

Батукаев Iаьзизан гIуллакхехула нах дIалецар доьзна ду юкъаллан тидам дIабаккха гIертарца Таможнин сервисан куьйгалхочуьнан когаметта хиллачу Матраимов Райымбекана тIера (Матраимов бехке веш ву харцонца рицкъ гулдарна) аьлла, дIахьедар дина ГIиргIизойчоьнан хиллачу президенто Атамбаев Алмазбека. Цунах лаьцна хаам бо "Азаттык" радионо.

ГIиргIизойчоьнан социал-демократин партино вовшахтоьхна Бишкекехь кху беттан 8-чу дийнахь хиллачу коррупцина дуьхьал митингехь вистхуьлуш Атамбаевс дIахьедар дира инарла прокурор хилла Салянова Аида дIалацар бух болуш дац аьлла.

"Мила тешар ву, президенто Атамбаевс набахтера арахоьцург Батукаевгара ахча дехна бохучух? Атамбаевс даима а ша лора ахча. Нуьцкъала тоьшаллаш даха гIерташ лецна бу Атаханов а, Салянова а, Рысалиев а. Салянова шуна дика евза. Маса шо ду цо суна дуьхьал къамелаш дон, амма со тешна ву… Цхьана наха шай-кай яьккхина, Акун Турсунбекана тIера дIабуьйлабелла, ца яьккхина Саляновас. Суна иза евзаш ю, мел хIуъа дийцича а, церан доьзалехь балхахь ахча доккхург цуьнан хIусамда вара", - аьлла Атамбаевс.

ГIиргIизойчоьнан хилла инарла прокурор Салянова Аида лецира Магал-беттан 3-чу дийнахь, криминалан гонашкахь дош лелаш ву бохуш вуьйцу цу махкахь вина а, вехаш а волу нохчийн къомах волу тутмакх Батукаев Iаьзиз харцонца набахтера аравалийтарца доьзначу гIуллакхехула.

Бишкекан гIалин кхело кху беттан 5-хь сацам бира Салянова талламан изоляторехь йита 26-чу дийне кхаччалц.

Кху шара юхаталла долийначу Батукаев маьршаваккхарца доьзначу бехктакхаман гIуллакхехула лецна ву ГIиргIизойчохь лаккхарчу даржашкахь хилла маситта стаг, шайна юкъахь хилла вице-премьер Атаханов Шамил а волуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG