ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши рекорд хIотто хьожур ву 6 шо долу спортхо Магасехь


ГIалгIайчуьра 6 шо долу спортхо Льянов ИбрIаьхIим дагахь ву, лаьттара дегI айдарехь, дуьненан ши рекорд хIотто, тахана, Мангалан-беттан 10-чохь. Республикерчу спортан министраллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, цхьа рекорд хир ю цкъа волавелла кхин хьала ца гIоттуш лаьттара дегI айдеш, ткъа шолгIа хир ю изза деш шина сохьтехь.

Минспортан векалша дийцарехь, рекорд дIаязъян ГIалгIайчу вогIуш ву Гиннессан рекордийн книган "Фитнес" категорехь Оьрсийчуьра коьрта говзанча Лобков Андрей. Рекорд хIоттор ю Магасерчу "МаслаIатан БIов" комплексехь.

"Чингиз" спортан клубан тренерша Iамочу ИбраьхIима хьалхо 5555-за лаьттара дегI айина толам баьккхира дьненан рекорд хIоттийначу Нохчийчуьрчу 5 шо долчу Куриев Рахьиманна тIехь, яздо "Аргументы и факты" орбанан гIирсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG