ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанехь президентан харжамашкахь толам боккхуш ву Токаев


Токаев Касым-Жомарт.
Токаев Касым-Жомарт.

Казахстанан карарчу хенахь куьйгалхо волу Токаев Касым-Жомарт толам боккхуш ву цу мехкан президентан харжамашкахь. Коьртачу харжамийн комиссино хьалххе бинчу хаамашца, кIиранан дийнахь хиллачу харжамашкахь цо гулдина 70,6 процент кхаьжнаш, дакъалоцуш 77 процент харжамхой а болуш.

ШолгIачу меттехь ву оппозицицин кандидат Косанов Амиржан – 16 процент. Казахстанан исторехь дуьххьара президентан дарж къовсуш хиллачу зудчо Еспаева Данияс гулдина 5 процент гергга кхаьжнаш. Верриг а харжамашкахь дакъалоцуш вара 7 кандидат.

Бозуш боцучу тергамхоша чIагIдарехь, харажамаш дIахьош низамаш дохийна меттигаш бу.

Казахстанехь президентан харжамаш кхайкхийра, Назарбаев Нурсултана и дарж дитинчул тIаьхьа. Цу мехкан хьалхарчу президентехь дисина ладаме Iедалан урхалла.

Маьрша Европа/ Маршо Радио корпорацино емал дира Мангалан-беттан 9-чохь хенал хьалха хилла харжамаш дIабахьарх лаьцна дуьйцуш болчу Азаттык Радион (Маршо Радион Казахийн сервис) корреспонденташца Казахстанан Iедалша лелийнарг.

Казахстанан Iедалша Мангалан-беттан 9-чохь дIалецира Азаттык Радион журналисташ Троценко Петр а, Тойкен Сания а, ткъа хьалхо дихкира Чехийн Респуликера харжамаш дIабахьарх лаьцна дийца Маьрша Европа/ Маршо Радион 7 журналист шайн махка чувар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG