ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кочетков: Германехь еза чевнаш йина Эскерхановна


Эскерханов, RTVI телеканалан репортажехь.
Эскерханов, RTVI телеканалан репортажехь.

Германехь мухIажаран тховкIело йоьхуш волу Нохчийчуьра схьаваьлла Эскерханов Мовсар вочу хьолехь дарбанан хIусамехь ву, цунна гайх чевнаш йина уьрсаца, хаам бо "Кавказский Узело", Оьрсийчьурчу ЛГБТ олучу тобан куьйгалхочунна Кочетков Игорна тIе а тевжаш.

Хьалхо социалан машанашкахь хаамаш баьржинера Эскерхановна Германехь тIелатар дина аьлла.

"Мовсар вевзачу наха дийцарехь, цхьа зуда ю цунна ахчан декхарелахь. Селхана (Мангалан-беттан 8-чохь) цуьнан дов даьлла хеллера цу зудчуьнан кIантаца, ткъа вукхо урс тоьхна цунна", - дийцина Кочетковс.

Кавказ.Реалиино яздарехь, 2017-чу шарахь Лахьанан-беттан 13-чу дийнахь ЧГТРК "Грозный" телеканалехь Эскерхановс шена къинтIера бовлар дийхира республикан куьйгалхошка, массерна а гуш-хезаш ша ЛГБТ-н тобан декъашхо ву бохуш дIахьедарш дарна, "нохчийн сий дайа" иза шега дайтинарш Малхбузера журналисташ бара аьлла.

Амма оццу шарахь ГIуран-беттан цу стага юха дIахьедар дира, Кадыров Рамзан кIинтIера нуьцкъала ваккхийтинера шега аьлла

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG