ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къен нах багарбина вице-премьеро Голиковас


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Къен нехан терахь 2018-чу шарахь лахделла 400 эзар стагана аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан вице-премьеро Голикова Татьянас, "Известия" газетана ша еллачу интервьюхь. Цо дийцарехь, карарчу хенахь Оьрсийчурчу бахархойх 12,9% бу къен дахар хьоьгуш.

Кхушара Дечкен-баттахь хаамаш гучубевллера 2018-чу шеран хьалхарчу 9 баттахь къен хиларан тIегIа ду Оьрсийчохь 13,3% процент аьлла.

Голиковас билгалдаккхарехь, къоьлла шозза лахъяр къоман хьалхара Iалашо ю Оьрсийчуьрчу Iедалийн. Вице-премьеро дийцарехь, уггар къен нах беха меттиг ю карарчу хенахь Тыва – 40,5 %. Голиковас хаам барехь, болх боцучу нехан терахь лакхара ду цу республикехь, цуьнца цхьаьна лакхара ду бераш дуьненчу довлар.

И бахьана долуш къоьлла яьржа баккхийчу доьзалшна юкъахь, чIагIдо Оьрсийчоьнан вице-премьеро.

2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан халкъан бахаман а, пачхьалкхан белхан а академино бинчу хаамца, бахархошна шаьш къен хетачу регионашна юкъахь хьалхара меттиг дIалоцуш яра Нохчийчоь. 57% гергга республикерчу бахархоша аьллера шаьш къен ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG