ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаьънаш эцарна бехке лерина кхело полковник Захарченко


Захарченко Дмитрий.

Пресненски кIоштан кхело оршотан дийнахь бехке лерина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан полковник Захарченко Дмитрий кхаьънаш эцарна а, бакъ-кхел ярна новкъарло ярна а, хаам бо "Интерфаксо".

ТIаьхьо довзуьйтур ду кхело цунна билгалдаьккхина таIзар. Бехкбиллархоша дехна Захарченкона 15 шо луьрчу хьелашкахь колонехь даккхар а, 500 миллион гIуда а тохар а.

Захарченко вара Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн минисарллан экномикан кхерамазаллехула урхаллан хьаькаман когаметта. Цо шен Iуналлехь латтош дара ягорган а, энергетикан а комплексехь зуламаш дарца къийсам дIабахьар.

2016-чу шарахь Гезгмашин-баттахь Захарченко лецира. 2017-чу шарахь ГIура-баттахь инарла прокуратуро иск яларца кхело дIабаьккхира цуьнгара а, цуьнан доьзалера а бахам – 8 миллиард сом а, маситта петар а, 4 машен а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG