ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамаш дайина ХIинжа-ГIаларчу портехь хиллачу эккхарехь


Мехкадаьтта танкерна чудутту платформа. Таркхойн хIорд.

Таркхойн хIордан бердаца йолчу ХIинжа-гIаларчу портехь мехкадаьтта чудуттуш эккхар хилла танкерна тIехь. И бахьана долуш 2 стаг вийна, 2 лазийна, кхин а 1 стаг лоьхуш ву, хаам бо Росморречфлотан зорбанан сервисо, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Дагестанан могашаллан министраллехь хаам бина, дарбанан цIийне 3 стаг валийна хиларх лаьцна. Царах цхьаъ вочу хьолехь ву. Цуьнан дегI дагийна ду цIаро 95 процент барамехь. Верриг а танкерна тIехь хила 12 стаг.

Дагестанан орцаллан министралло дийцарехь, газца эдина хIаваъ иккхина хIордан кеман мотораш йолчу чохь. Мехкадаьтта даржаран кхерам бац, боху говзанчаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG