Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ГIалгIачуьрчу урхаллан керла хьаьким хIоттийна полицин инарла-майор Коробкин Михаил. Цунах лаьцна хаам бо "Аргументы и факты" газето, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан меттигерчу урхаллан зорбан сервисна тIе а тевжаш.
Коробкинан 46 шо ду. Иза цIера ву Лахарчу Новгородан кIоштара. Ставрополан махкахь чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан хьаькаман когаметта хилла ву Коробкин 2017-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ГIалгIайчуьрчу урхаллан коьртехь вара хьалха Кава Дмитрий. Цо шен дарж дитира кхушара Оханан-баттахь, ГIалгIайчохь дуьхьалонан акцеш хиллачул тIаьхьа.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!