ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЮхадIахIоттийна ГIизларна а, Шелковски кIоштанна а юкъара дозан билгало


Даудов Мохьмад.

Дагестананерчу ГIизларна а, Нохчийчуьрчу Шелковски кIоштанна а юкъара муьлш бу ца хуучу наха дIаяьккхина дозан билгало юхаметтахIоттийна хаам бо, социалан машанашкахь. Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмад шинарин дийнахь Дагестанан Iедалан векалшца цхьаьна хилира инцидент хиллачу меттехь. "Шина республикана юкъахь гIурт хиларна бехке ду ГIизлара гIалин куьйгалла", - дIахьедар дира Даудовс.

Нохчийчоьнан дозанехь лаьтташ йолу некъан билагало дIаяьккхинера муьлш бу ца хуучу наха, де хьалха социалан машанашкахь яржийначу видеонна жоп луш. Цу видеона тIехь Дагестанан цхьана вахархочо гайтира "Нохчийн Республика Шелковски кIошт" тIе яздина некъан билгало. Цунна хетарехь, иза тоьшалла дара "ГIизларан территорех Нохчийн Республикан территори хиларан".

Кавказ.Реалиино дийцарехь, некъаца билгало лаьтта меттиг а, ткъа иштта цунна тIехьа долу лаьттанан дакъа а Нохчийн Республикан территори ю, боху Нохчийчоьнна а, Дагестанна а къара доза билгалдаккхарехула юкъараллин комиссин декъашхочо, регинерчу географин юкъараллин гIантдас Гаджиев Зураба.

"Цигахь билгало яцара лаьтташ, цхьа а хIума цкъа а ца хилара цигахь, цундела со кхета гIизлархойх – царна иза географин керланаш ду", - яздина Гаджиев Зураба Facebook-чу шен агIонехь.

Юкъараллина хета хиллачун бехке шина республикан куьйгалхой бу аьлла, "билгало хIоттоле нах хьолах ца кхеторна", яздо Кавказ.Реалиино.

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада шен Inctagram-хь дIахьедар дира, билгало шен метта дIахIоттор ю ша, ткъа полицино къастор ду иза бухаяьккхинарг мила ву. "Истори а, географи а Iамо еза, хIун мичахь чекхйолуш ю, хьена территри мичахь ю… ТIаккха аьтта хир ду вайна", - билгалдаьккхира цо.

XS
SM
MD
LG