ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс шена хетарг довзийтина Дагестанан дозанехь дов эккхар хьокъехь


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 8 минот йохалла йолу видеокхайкхам арахецна, Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъарчу дозанна гонах иккхинчу девнна комментари еш. Иза арахецна "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Кадыровс кхайкхина Нохчийчоьнан а, Дагестанан а бахархошка питанех ца Ӏехабаларе. Цо дагадаийтина шина республикана юкъахь, луларчу регионашна юкъар хьал карзахдаккха гIертачу наха лелочу питанашца талхалур йоцу бIешерийн истори хилар.

Кадыровс иштта аьлла ша таIзар дийр хиларх лаьцна, сийсазаллан чулацам болу комментреш язйеш болчарна, яздо "Кавказский узело".

"Нагахь сан цIий а, тайпа а, доьзал а, халкъ а сийсаздеш далахь – иза суна массо хIуманал а ладаме ду. Цундела ларлуш дийца шаьш дуьйцург, шайн пIелгашна доладе, иза ца дахь оха пIелгаш кегдийр ду, мотт озийна схьа а боккхур бу, дIахаалаш", - аьлла Кадыровс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьахийна шена "цхьаъ гойтур" ду ша аьлла волу Дагестанера вахархо а. Цунна жоп луш, оьгIазваханчу Кадыровс, цуьнга телефонан номер ехна, ша шена хетарг дуьйцур ду цьунга аьлла. Цуьнца цхьаьна Кадыровс дIахьедар дира иза кIинтIера ваккха кийча ву ша аьлла, нагахь ша харц хилархь.

ГIизларан кIоштан а, Шелковски кIоштан а дозанехь некъаца хIоттийна билгало бухаяккхарца йоьзначу инцидентан комментари йина Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира а.

"Тхан цу гIуллакхах кхетар цхьаьтерра ду. Федералан некъаца цхьаъ, регионан некъаца шиъ билгалонаш лаьттачу территорешца доьзна я Дагестанан а, я Нохчийн Республикан а вовше цхьа а реза цахилар дац", - аьлла цо Iедалан белхахошца шен хиллачу кхеташонехь.

Мангал-беттан 10-чу сарахь мулш бу ца хуучу наха бухаяьккхинера Дагестанан ГIизларна а, Нохчийчуьрчу Шелковски кIоштанна а юкъара дозанца лаьтта билгало. ШолгIачу дийнахь инцидент хиллачу метте бахара Нохчийчоьнан а, Дагестанан Iедалийн векалш. Цихаь гулбеллера Дагестанера бахархой а. Царца къамеле велира нохчийн тобанна хьалваьлла Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад.

"Кавказ.Реалиино" бинчу хаамца, полицино лецна ГIизларан кIоштахь "Чеченская республика Шелковской район" билгало хьокъехь вовшахкхетта хиллачу нахах 19 стаг. Царна бехке диллина, корта бахьон маларш а мелла, харцхьа лелар.

Некъаца хилла билгалонаш юхаметтахIиттийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG