ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Видеохь кхераме машен хихкина нохчо жоьпе озийна Нальчикехь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нальчикехь автоинспекторша административан жоьпе озийна урамашкахула леларан низамаш дохийна жима стаг, социалан машанашкахь яьржина видео бухе а йиллина, хаам бо РИА "Регион Онлайн" сайто. Инцидент хилла ГIебартой-Балкхаройчоьнан коьртачу гIалан Ленинан цIарахчу проспектехь. Mercedes Benz машенна хурхалла дечу жимачу стага, вуно кIоршаме маневраш йина, адамийн дахарна кхераме йолу.

Некъан полицин белхахоша къастийна цу машенна хьалха хиъна хилларг Нохчийчуьра вахархо хилар. Иза бехке веш ву урамашкахула леларан маситта низамаш дохорна, шайна юкъахь дуьхьалйогIучу машенийн агIор валар а, некъ бохор а, кехаташ доцу машен хехкар а долуш. Гулйина материалаш дIахьажийна кхеле, хаам бо меттигерчу некъан полицин зорбан сервисо.

Хьалхо социалан машанашкахь хаамаш баьржинера, кхечу видео тIехь волу челакха стаг сий дойуш ву ГIебартой-Балкхаройчоь Республикан аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG