ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маршо Радионо керла бюро схьайиллина Софияхь


Маршо Радион Болгарин сервисан логотип.
Маршо Радион Болгарин сервисан логотип.

Маьрша Европа/Маршо Радионо офицалан кепара дIахьедина Софияхь керла бюро схьаелларх а, Болгарин сервис юхаболхбан йолаяларх а лаьцна.

Маршо Радио болх беш яра болгарийн маттахь шийла тIо болабалале а, иза дIабирзинчул тIаьхьа а 2004-чу шаре кхаччалц. Медиакорпорацин вице-президенто Пейич Ненада дийцарехь, цу хенахь радион куьйгалло жамI динера, коммунистийн режим йохарца Малхбузенна мехала хетарг тоьлла аьлла.

"Вайна тахана гуш ма хиллара, дуккха а пачхьалкхашкахь иза иштта дац. Зорабанан гIирсаш маьрша хилийта дуккха а хан оьшу", - элира Пейич бюро схьайоьллуш Софияхь хиллачу церемонехь.

ХIара шо долалуш Маршо Радионо бюро схьайиллира Бухарестехь. Румыни а, Болгари а Еврбартана юкъаяхара 2007-чу шарахь. Цу пачхьалкхашкахь халонаш ю коррупцица йоьзна.

Маьрша Европа/Маршо Радион мисси демократин Iалашонаш а, институташ а хьалхататтар а, бакъйолу информаци а, идейш а яржор ю.

Юккъерчу Европера Тийначу хIордана тIекхаччалц, Балтикан хIордана тIера Iаьржачу хIордана тIекхаччалц, Оьрсийчура дIа Юккъерчу Азера Персийн Аймина тIекхаччалц йолу пачхьалкхаш а, автократийн институташ а, адамийн бакъонаш йохаяр а, Iедалша караерзийна йолу экономикаш а, къаьмнашний, динашний юкъахь йолу гамонаш а, регионашна юкъахь йолу конфликташ а, хаамийн гIирсаш охьатеIор а, духататта гIерташ ю.

Демократин тIеххьий, маьршачу йохка-эцаран маркетан бух тIеххьий йолу паргIато дерриг а дуьненарчу машарна чIогIа маьIне хIума ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG