ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь юха а билгало бухаяккхарна комментари йина Даудовс


Даудов Мохьмад.
Даудов Мохьмад.

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада шен Instagram-хь шена хетарг довзийтина Шелковски кIоштахь Дагестанан дозанца некъаца йолу билгало бухаяккхар хьокъехь, хаам бо "Кавказ.Реалии".

Даудовс дIахьедар дина, и билгало юхаметтахIоттор ю аьлла.

"ХIара тхан латта, тхан территори ю. Тхо цхьаьнца а къуьйсуш дац. <…> ХIун дан гIерташ бу и нах? ТIом беза шуна? ДIа мукъане а кхайкхадайша, шайна тIом беза аьлла. Вай бусалбанаш ду, вайн доттагIалла лело деза вайн дайша а, дедайша а лелийна ма хиллара", - аьлла Даудовс.

Кху беттан 12-чу дийнахь видео гучуелира Нохчийчуьрчу Шелковски кIоштахь йохина некъан билгало а йолуш. Хьалхо цу тайппа билгало бухаяьккхинера Дагестанерчу ГIизларна а, оццу Шелковски кIоштана а юкъахь лаьтташ йолу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG