ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIом бина стаг верца доьзна дов хоттуш ду Свердловн кIоштахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Свердловн кIоштарчу Березовский гIалахь кхело бехкевийриг ву 30 шо долу меттигера вахархо Третьяков Сергей, хаам бо "Золотая горка" газето. Кхушеран Зазадоккху-баттахь 38 шо долчу Худанин Александран петарехь сакъоьруш, дар-дацар а иккхина, вийна цо хIусамда, коьртах телевизор а тоьхна. Цул тIаьхьа лаххара а 30-за буй а, мираш а биттина, 26-зза урс тоьхна Третьяковс Худанинна, аьлла ду кхелан материалашкахь.

Тешаш дийцарехь, шина стеган дов даьлла хила мега, Третьяковна Худанин вехачу петарера дIаваха ца лаар бахьана долуш. Зуламхо лаьцнера Iуьйранна 6 сахьт долуш. Талламхошка аьллера цо, ша иза ларамаза вийна аьлла.

Кхеле баьхкинчу тешаш дийцина, Худанин эсала стаг вара бохуш. Меттигерчу зорбанан гIирсаша дийцарехь, иза тIом бина вара Нохчийчохь, тIеман декъашхочун тоьшалла а долуш.

Бекхтакхаман гIуллакх къастош, бехкбиллархо а, адвокат а вистхиллачул тIаьхьа тIаьххьара дош ала дезаш ву бехкевийриг. Цул тIаьхьа суьдхочо кхайкхор ю кхел. Иза хир ду кху беттан 21-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG