ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Халидовна тIехIоьттина цуьнан доттагI Смоляков


Халидов Мамед.
Халидов Мамед.

Полшехь антитерроран декъан белхахоша лаьцна ММА латархо хилла Халидов Мамед аравоккхуш закъалтана ахча дала кийча ву ша аьлла, дIахьедар дина нохчочун бизнесан партнёро Смоляков Дмитрийс, яздо Сrimerussia сайто. Халидов дIалацарца доьзнарг евзаш йолчу цIарна гонаха гIовгIа яккхар ду аьлла хета цунна.

Смоляковс дийцарехь, Халидов миллионер ву, цунна оьшуш дац лечкъийначу машенашна тIехь ахча дан гIерта. Цул сов цу шинан юкъахь гIишлошъяран а, хIусамашца йоьзна а бизнес а, ресторанаш а ю.

Халидовца нисделларг цунна машенаш дукха езарца доьзна ду, билгалдоккху Смоляковс.

Халидов Мамед Польшин ММА латархо ву Нохчийчуьра орамаш долу.
1997-чу шарахь 16 долуш кхаьчна иза Польше. 2009-2018-чу шерашкахь 42 латарехь Халидов тоьлла 34-зза. Шен спортан карьера дIаерзийна цо 2018-чу шарахь ГIуран-баттахь.

Халидовна бехке дуьллуш ду лекъийна Польше ялийначу езачу машенашна харцонца кехаташ дахар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG