ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь зуда йийна некъахьовзамехь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Некъахьовзам хилла Соьлж-ГIалин Ленинан кIоштахь. Первомайски а, Грибоедовн а урамаш вовшахкхетачехь тIеттIакхетта ВАЗ а, Тойота а машенаш де хьалха.

Чоьхьарчу гIуллакхийн Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, и бахьана долуш йийна ВАЗ машена чохь хилла 57 шо долу зуда. Цу машенна урхалла деш хилла стаг а, цу чохь хилла 12 шаре яьлла йоI а реанимацехь ду Соьж-ГIаларчу республикан клиникан дарбанан цIийнехь.

Тойотан шофёр лаза ца веш кIелхьарваьлла. Хилларг толлуш ду полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG