Некъан полицин Нохчийчуьрчу урхаллан (УГИБДД) куьйгалхочо Черхигов Идриса кхетам луш къамел дина сонта лелаш машен хихкинчу Нохчийчуьрчу вахархочуьнца. ЦIе йоккхуш яц. Цо машенахь воьдуш урамашкахула леларан низамаш дохош яьккхина видео социалан машанашкахь яржарна кхайкхина хилла иза ша волчу некъан полицин хьаькамо.
"Нохчийчоь тахана" агенталло дийцарехь, Черхиговн омрица социалан машанашкахь мониториг еш бу цуьнан белхахой, машенашца боьлху низамаш дохош болу нах схьалохуш.
Кху деношкахь Маршо Радионо дийцира, Нальчикехь автоинспекторша административан жоьпе озийна хиларх лаьцна, урамашкахула леларан низамаш дохийна жима стаг, социалан машанашкахь яьржина видео бухе а йиллина. Инцидент хиллера ГIебартой-Балкхаройчоьнан коьртачу гIалан Ленинан цIарахчу проспектехь. Mercedes Benz машенна хурхалла дечу жимачу стага, вуно кIоршаме маневраш йира, адамийн дахарна кхераме йолу.
Некъан полицин белхахоша къастийра цу машенна хьалха хиъна хилларг Нохчийчуьра вахархо хилар. Иза бехке веш ву урамашкахула леларан маситта низам дохорна, шайна юкъахь дуьхьалйогIучу машенийн агIор валар а, некъ бохор а, кехаташ доццушехь машен хехкар а долуш. Гулйина материалаш дIахьажийна кхеле аьлла, хаам бира меттигерчу некъан полицин зорбан сервисо.