ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къола дарна къера хилла Цоци-эвлара вахархо


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Куршлойн кIоштарчу полицин декъе мукъарло дан тӀевеана Цоци-эвлара 31 шо долу вахархо, хаам бо Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо. Цо дийцарехь, долахочун тидамера даьлла 15 эзар сом лачкъийна цо, уллера иза дIа а валийтина.

КIола дина хилла Цоци-эвлан къилбехьарчу йистехь Мангалан-беттан 10-чохь. Амма, эххаре а ша динчун дохковларна къера хила полисхошна тIевахана цоциэвлахо.

Хилларг хьокъехь таллам болийна полицин белхахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG