ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу полисхошна садаIа магийна Туркойчохь а, Таиландехь а


Туркойчоь, Туристаш садоIуш бу Антальехь.
Туркойчоь, Туристаш садоIуш бу Антальехь.

Оьрсийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министраллан белхахошна мукъачу хенахь садаIа баха магийначу пачхьалкхашна юкъатоьхна Туркойчоь а, Таиланд а. Цунах лаьцна хаам бина цу ведомствон официалан векало Волк Иринас.

"Колокольцев Владимира буьйранна тIе куьг таIийна, полисхошна Туркойчу а, Таиланде а садаIа баха бакъо луш," – даладо Волк Иринас аьлларг ТАСС агенталло.

Агенталло билгалдаккхарехь, 2014-чу шарахь махкара арабовлар дихкинера полисхошна. Царна баха магийнера СНГ олучу Йозуш йоцчу пачхьалкхийн ДоттагIаллана юкъабогIучу мехкашка а, Китай а, Вьетнаме а, Кубе а.

Кхушара Дечкен-бутт юккъебаьлча чоьхьарчу гIуллакхийн министро тептар тIечIагIдира, шайн белхахошна садаIа кхерамазалла йолу пачхьалкхаш билгалйолуш. Царна юкъахь яра Азербайджан а, Эрмалойчоь а, Беларуси а, Вьетнам а, Казахстан а, Китай а, Къилба ХIирийчоь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG