ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Раде харжамашкахь шен партин тептаран коьрте хIоьттина Саакашвили


Саакашвили Михаил.
Саакашвили Михаил.

Гуьржийчоьнан президент хиллачу Саакашвили Михаила йовзийтина Лаккхарчу Раде харжамашкахь дакъалоцур долчу кандидатийн тептаран хьалхарчу пхеа политикан цIераш. Цунах лаьцна хаам бо Интерфакс-Украина агенталло.

Цу пхеан юкъахь ву цу партин лидер волу ша Саакашвили Михаил а, Украинин инарла прокуроран когаметта хилла Сакварелидзе Давид а, юкъараллин жигархо Доний Олесь а, Одессера гроссмейстер Жукова Наталья а, экономикан министр хилла Лановой Владимир а.

Хьалхо Киеван мэро Кличко Владимира кховдийра Саакашвилега, Лаккхарчу Раде харжамашкахь дакъалоцуш шен УДАР партин коьрте хIоттар. ТIаьхьо, шен агIончашца дагаваьллачул тIаьхьа, Гуьржийчоьнан экс-президент реза ца хилира иза дан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG