Полисхойн духар а доьхна, жимачу зудчо герз куьйсуш яьккхина видеролик социалан машанашкахь гучуялар хьокъехь таллам болийна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхалло. Гарехь, и видео яьккхина Нохчийчохь. РИА Новости агенталло Нохчийчуьрчу полицин векалшна тIетоьвжаш билгалдаккхарехь, полисхойн барзакъ а доьхна, герз кхуьйсург ю Къилбаседа ХIирийчуьра яхархо Джикаева Малика.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочо Алханов Руслана дIахьедар дина, таллам дIабирзинчул тIаьхьа, низам дохийначу полисхошна таIзар дийр ду шаьш аьлла. Уьш балхара дIабаха мегаш бу.
Болчу хаамца, низамашца дуьстина таIзар дан мегаш ду герз диттинчу жимачу зудчун а.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!