Оьрсийчоьнан Iаламан министралло шозза шордина хIусамашкахь а, керташкахь а латто а, кхаба а мегар доцчу акхаройн тептар. Царна юкъатоьхна, масала, берзалой а, цхьогалш а, крокодилаш а, гIоркхмаш (акула) а.
Низамо бохург кхочуш дойтур ду аьлла, шен хIусамехь цIоькъа лоьмаца цхьаьна сурташ дохуьйтуш куьйгалхо волчу Нохчийчохь а цхьаьна, яздо "Коммерсант" газето.