ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

44 шо долу къу лаьцна Шеларчу полисхоша


Къола дарна Шеларчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъан белхахоша лаьцнарг ву 44 шо долу меттигера вахархо. ВАЗ машенахь ша цIавуьгучу стеган 4500 сом даьхьна цо Жимачу АтагIа кхочуш.

Эшам хиллачу стеган дехарца, сихонца арабевлла каде хьаьвзинчу полицин белхахошна карийна курхалча. Иза къера хилла ша зулам дарна.

Таллам дIабирзинчул тIаьхьа кхел ян мегаш ю цунна, къайлаха нехан бахам лачкъорна, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо.

Хьажа комменташка (2)

ХIара форум дIакъевлина ю.
XS
SM
MD
LG