Гуьрчийчьурчу геодезин (лаьттан кепийн) говзанчаша юьстина Башламан (Казбек) локхалла (гуьржаша цунах Мкинварцвери олу). Цунах лаьцна хаам бо "Гуьржийчоь онлайн" агенталло, "Рустави-2" телеканалана тIе а тевжаш. Говзанчаш и болх бина дуьненаюкъарчу гIирсах а, технологех а пайда а оьцуш.
Керла ларарца Башламан локхалла ю 5 054 метр.
Болчу хаамца, тIаьххьара цу тайпа экспедици йинера Советан пачхьалкхехь 20-чу бIешаран 1980-чу шерашкахь. Цу хенахь говзанчаша къастийра Башламан локхалла 5 033 метр хилар. Тахханалц цу хьокехь долу терахьаш тайп-тайпана дара, уьш тешаме лоруш а дацара.
Кавказера Башлам дIабайна тӀаплам бу (вулкан). ТIаьххьара иза кхихкина вайн зама тIекхачале 650-чу шарахь. Говзанчаш чIагIдарехь, Башлам болу ду 805 миллион шо.