ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Биарриц гIалин мэрехь бакъдо меттигера ши цIа Путинан гергарчийн хилар


Шамалов Кириллан Францерчу Биарицера цIа
Шамалов Кириллан Францерчу Биарицера цIа

Францин тоьллачу курортех йолчу Биарриц гIалахь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран доьзалан цIенош хилар тIечIагIдеш артикл араяьккхина Time журнало.

Путинан нуц ву бохуш вуьйцучу Шамалов Кирилла а, Оьрсийчоьнан президентан йоIа Тихонова Екатеринас а 2012-чу шарахь цIа эцна гIишлошъюхкучу фирмин агент Вебер Лорен схьакаро аьтто баьлла журналистийн. Вебера бахарехь, йохк-эцарехь дакъалаьцна шиммо а.

Time журнало далочу тоьшаллашца а догIуш, цIа эцнарг Шамалов ву, цунна иза доьхкина Путин Владимиран уьйрех волчу бизнесхочо Тимченко Геннадийс.

ЦIа Шамаловн а, Тихонован а хилар бакъдо Биаррицан мэран гIовсо Кастеньед Джоселинас. Цо дийцарехь, "бахархошна кест-кеста го и шиъ базарахула доладелла лелаш".

Гена йоццуш кхин цхьа вилла а ю Путинан гергарчийн долахь, иза Биаррицна уллерчу Англет гIалахь лаьтта, карарчу хенахь тоеш ю. Лаьттан реестрца а догIуш, ар-деко кепехь дина и цIа ду Оьрсийчоьнан президентехь марехь хиллачу Путина Людмилин керлачу майрачун, Петарбухарчу бизнесхочун Очеретный Артуран. Прессо дицарехь, 2015-чу шарахь, Путин а, цуьнгахь хилларг а дIасакъаьстина ши шо даьлча, кхоллабелла и керла доьзал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG