ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчоьнан коммуналан министралло боберашна эцначу петаршна чохь Iойла дац


Федералан низамо кхачош долу хьелаш дац Къилбаседа ХIирийчоьнан бахаман-коммуналан министралло 2018-чу шарахь боберашна еллачу хIусамех дукхайолучарна чохь, хаамбина "Кавказ.Реалиига" мехкан прокуратурин пресс-гIоьнчалло.

Пригородан а, Дигоран а кIошташкахь екъна петарш ца йогIу санитаран-эпидемиологин низамашца, ледара ю техникаца,чохь бинчу аьттонашца, элира хьостано.

Цхьаболучарна хIусамаш екъна, уьш бинчу ярташна, гIаланашна генахь. Цундела шиммо схьа а ца эцна шайна елла петар, хIусам йоцуш ду и ши бобер тахана а.

Бахаман-коммуналан а, ягочун а, энергетикан а министр Iийначу Сокуров Альбертна 75 эзар соьманна гIуда тоьхна, дисциплинаран жоьпалле озийна министраллерчу инвестицийн программийн, боберашна хIусамаш латторан декъан коьрта белхахо, шен лаамехь дарж дитина министран хьалхарчу гIовсо оцу бахьаница.

Коммуналан министраллин пресс-гIоьнчалло "Кавказ.Реалиига" бинчу хаамца, стохка 60 петар елла Iедало боберашна. Ткъа рогIехь ву тIехь да-нана доцу кхин а 1400 жимха. ТIекхуьу терахь а ца лоруш аьлча, беккъа оцу наханна петарш хилийта оьшу Къилбаседа ХIирийчуьрчу Iедална кхин а 23 шо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG