Дагестанан парламентан куьйгалхочо Шихсаидов Хизрис комментари йина, дукха хан йоццуш ГIизларарчу дозане нохчийн парламентан куьйгалхо а вогIуш, иккхинчу хиламан хьокъехь.
Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векалан тIегIанехь сацамбина кху шарахь доза къастош болу белхаш цабан, боху Шихсаидовс.
"Экам воцчунна сахьт а ца оьшу юкъаметтигаш талхо, ткъа боьхна барт, доьхна дегнаш меттахIиттош, вовшашна къинтIера довла оьшур ду шераш. Цундела чIиркъе хьийза хьашт дац. ПарггIат дийца деза, вайн лулахой, вайн вежарий а бу оцу балханна кийча. КхидIайолчу ханна дехка деза вай ваьшна и санначу конфликташка дийла", - аьлла хета Дагестанан парламентан спикерна.