ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачой-Чергазийчохь хьаькам вен гIортар толлуш лаца кхайкхийна Адыге-Хаблерчу депутатийн кхеташонан куьйгалхо


Кхарачой-Чергазийчохь медицинан кхачоечу фондан куйьгалхо, 48 шо долу Джанкезов Айдемир вен гIортарца доьзна бехктакхаман дов айдина махкарчу Талламан комитетан урхалло.

Зулам дина хиларх шеко йолуш лаьцна Адыге-Хаблерчу депутатийн кхеташонан куьйгалхо Акба Мурат. Оцу хокъехь хаамбина "Кавказ.Реалиига" ницкъхойн декъерчу хьасто.

"Акба ведда, лаца кхайкхийна. Зулам дина дар-дацар иккхинчохь", - элира хаамбиначо.

Кху беттан 14-чу дийнан сарахь ша вина де даздеш хилла Джанкезов "Дворник" цIе йолчу кафехь Черкессехь. Оцу чуьра иза араваьлча, дов долийна цуьнца, леттачо чоьже ира хIума тоьхна, чов йина цунна.

Республикан дарбан цIийне кхачийна Джанкезов, карарчу хенахь Iуьллу реанимацехь, дарба дайта вига тарло Москох.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG