ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахманов Тумсо Оьрсийчу дIахьажо йоллу Польша


Нохчийн оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо Оьрсийчу дIахьажо мега. Цунна махкара аравала тIедожадо Польшин дозанийн урхалло. Документ довзийтина Абдурахмановс шен telegram-агIон тIехь, "мархаш тIегуллуш ю", аьлла, комментари а язъеш.

Кехато бахарехь, блогеро шена дуьненаюкъара ха тIехIоттор дехна, амма иза дойла дац. Дозанхойн эпсаро декхарево Тумсо Оьрсийчу дIаваха, ца водахь, ницкъаша дIахьажор ву, яздина.

Абдурахманов Тумсос тховкъело ехна, амма цунна иза ца ло Польшин Iедало, ша цуьнан доьзална еллехь а. Тумсос аппеляцин арз яздира, ткъа Варшавин кхело тIечIагIбира юьхьанцара сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG