ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена тIехь ечу кхелехь велла Мисаран экс-президент Мурси Мохьаммад


Мисарахь президент Iийна а, "Бусалба Вежарий" партин лидер лаьттина а волу Мурси Мохьаммад велла шена шпион ву аьлла ечу кхелан чоьнаш чохь. Хаам баржийна Би-Би-Си-но Мисаран телегойтийланна тIе а тевжаш. Юьхьанца хIоттийначу диазнозо гайтарехь, цIеххьана дог сецна цуьнан.

2015-чу шеран бIаьста 20 шо кхайкхийра Мурсина набахтехь такха – таIзарна бухадиллира цо ша президент волчу хенахь протесташка бевлла нах леца а, хьийзо а омра дар. Оццу муьрехь бехкевира иза радикалехь йолчу палестинахойн "ХЬАМАС" а, либанхойн "ХIизболла" а тобанашца гергарло лелорна.

Мисарахь вехха президент лаьттина Мубарак Хьусни "Iаьрбийн бIаьсте" шех олучу протестан боламо даржера вохийча дIабаьхьначу маьршачу харжамашкахь туьйлира Мурси 2012-чу шарахь. Амма шо даьлча тIеман карчамца Iедал караэцначу инарлаша даржах ваьккхира иза. Мехкан коьрте веара ас-Сиси Iабдул-Фаттахь, "Бусалба Вежарий" парти язйира террорхойн могIара.

XS
SM
MD
LG