ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БасаевгIеран Дишни-Веданарчу декъа тIехь берийн беш йина


БасаевгIеран ков-керт

Вежарий БасаевгIар - Шемал а, Ширвани а – тIехь баьхна Дишни-Веданара латта а, цу тIера гIишлош а шен долаерзийна Нохчийчуьрчу Iедало. Юьртан администрацино да воцчу декъан кепе а яздина, берийн беш йина БасаевгIеран лаьтта тIехь.

Меттигерчу бахархошна хетарехь, дуккха меттигаш яра юьртахь Iедалан хьукматаш яхка, доьзал бIешерашкахь баьхна меттиг дIа ца лаьцча а.

Дозанал арахьа вехачу Басаев Ширванин комментари яц редакцигахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG