ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тамбиевна йиттина лаьцначохь, иза лоьрашна гайта веза, боху гергарчара


Кхарачой-Чергазийчуьра схьаваьлла волу Тамбиев Камал лаьцна цо террористашна ахча делла хила тарло аьлла. Цуьнан могашалла кхерамна кIел ю, сихха дарбан цIийне кхачо веза, чIагIдо гергарчара.

Кху беттан 14-чу дийнахь Москох лаьцна программист Тамбиев, цигара валийна ХIинжа-ГIала. Цо Дагестанерчу Iеламчица Саситлинский Абу Iумарца а, сагIадаран фондан куьйгалхочуьнца Ризванов Абубакарца а, "Черновик" газетерчу журналистца Гаджиев Iабдулмуминца а цхьаьна терроризмна финансаш латтийна боху талламо.

Кхо де хьалха кхелехь Тамбиевс дIахьедира, шена йиттина ша лоцучу муьрехь а, лаьцча а, аьлла. Кхелехь даьккхинчу суьрта тIехь гуш ю Тамбиевн юьхь тIера цIийн ларш.

"Тхо догу цуьнан могашаллах. ДегI а, чо а лоьрашка зейта еза. Экспертиза йина яцарна, адвокатан аьтто бац арз кечдан. Амма селхана ца елла иза экспертизе вига бакъо. Лоцуш а, цул тIаьхьа а йиттина цунна чIогIа, иза кхелехь гуш дара. Экспертиза яккхийтар а, иза лоьрашна тIекхачор а дожадо оха Iедална тIе", - элира лаьцначун йишас Тамбиева Лайлаа.

Оршотдийнахь Кхарачой-Чергазийчоьнан парламентан пхеа депутато ХIинжа-ГIаларчу Советан кIоштан кхеле дехар хьажийна Тамбиев лаьцна латторан кеп хийцар доьхуш. Хилларг цакхетам бу, "мелхо а дахарехь кхиамаш бохучу кегийрхойн масалш довзийта догIу тIекхьуучу чкъуранна", аьлла яздина кехат депутаташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG