Оьрсийчоьно малйон Малхбузе малхбузенерчу институташца
Малхбузера институташ а, структураш а йиллина талхош ю Москохо. Иштта жамI дина шен дIахаийтарехь Вашингтонехь куп тоьхначу Iедалшца йоьзна йоцчу "Маьрша Оьрсийчоь" Фондо, яздо "Iамеркан аз" портало. Цу докладан авторшна хетарехь, Оьрсийчоьно лелориг тидам ца беш дитаро кхин дIа а дог доуьйтур ду Москохан цу тайппаниг лело.
"Кху дIахаийтаран Iалашо ю малхбузерчу аудиторина гайтар, мел кIорга а, кIоршаме а, ткъа иштта цхьана Iалашонна тIе дерзийна а ду малхбузен институташна а, низам коьрте хиларна а, демократина а Кремло деш долу тIелатар бохург", - билгалдоккху Фондан президенто Арно Натальяс (Natalia Arno).
Малхбузе кхета еза шен цIахь къепе хIотто езаш йолу хан тIекхаьчна хиларх, ойла хийца Iалашонца лела Кремлан агенташ а, цара лелориг а вуно вон ун дохьуш йолу вирус хиларх, вуно кIорга малхбузен юкъараллехь яьржина йолу, боху цо.
Фондо кединчу рапортан авторехь цхьаъ волчу Заславский Ильяс дагабоуьйту Оьрсийчуьрчу мафино харцонца даьккхина ахча "цIандеш" лелийначух лаьцна Испанерчу прокуроро Гринда Хосес бина таллам.
Испанин Iедалан аьтто ца белира Оьрсийчоьнан Iедалшка шена гIо дайта, мелхо а цунна дуьхьалонаш йира цара. Гриндана кхерамаш тийсира, эладитанийн компани йолийнера цунна дуьхьал. Эххар Испанин кхело бехказбехира жоьпе озийнарш, вердикт кечйеш дукхачу хьолахь Оьрсийчуьра дайитина кехаташ бухе а дохкуш.
Малхбузен демократина хетарехь, Испанерчу Оьрсийчуьра мафин гIуллакх уггар мехалчерах ду. Оьрсийчоьнан низамаш лардон система кIелтеIаш ю, Iедалан уггар лакхарчу тIегIантIехь уьйраш йолчу мафина", - боху Заславскийс.
Политикан Iаткъам
ДIахаийтарехь дуьйцуш ду Малхбузерчу политикаша гIортор йора Москохна, шайн пачхьалкхашна иза зене доллушехь, бохуш. Талламан авторша яздарехь, иза дора Чехин президенто Земан Милоша. Цара масаллаш даладо Францин а, Бельгин а Iедалшна Оьрсийчоьно Iаткъам барх лаьцна, ткъа цо Москохан аьтто бира ЮКОС компанин эшам хиллачу акционераша кхелашка кховдийначу искех ларъяла.
Шена хетарехь, Оьрсийчоьно беш болу Iаткъам Европерчу пачхьалкхийн къоман кхерамазаллина кхерам бу, хета докладан авторех цхьаъ волчу Чехерчу "Европан мехаллаш" аналитикан центран Kremlin Watch программан директорна Янда Якъубана.
Яндас дийцарехь, цуьнан аналитикан центро билгадоккху Европерчу пачхьалкхашкахь Iаткъам бар Iалашонца Оьрсийчоьно дIахьош йолу операцеш алсамйовлар, Укранинин малхбалехь конфликт иккхинчул тIаьхьа.
banner - instagram, youtube, facebook -- article (GR-1150)
"Оьрсийчоьннан Iаткъам алсамболуш бу, вай Малхбузенехь иза алсамболуьйту дела", - билгалдоккху "Маьрша Оьрсийчоь" Фондан кхеташонан урхаллан гIандас Крамер Дэвида.
«Путинан режим шеца, коррупцин Iаткъам бар а, харц хаамаш баржор а, харцонца гулдина ахча цIандар а доцург, тахана вуно боккха кхерам бохьуш ю дерриг дуьненна тIеман агIор а", - боху Крамера.
Цунна хетарехь, малхбузерчу политикаша даре дан деза и проблема хилар, цара кхин а дIадахьа деза Кремлна дуьхьал кхайхкийна санкцеш шоръяр, гIортор ян еза Оьрсийчуьрчу а, Советан пачхьалкх йоьхча кхоллаеллачу кхечу пачхьалкхашкарчу а демократин боламашна, ткъа иштта "мелла а алсам хадаме Оьрсийчоьнан кхерамна дуьхьало еш".
Мангалан-беттан 13-чохь Iамеркан Конгрессехь хиллачу дIахаийтаран презентацехь дакъалецира сенатор-демократо Уайтхаус Шелдона а, ткъа иштта конгрессменаш - республикан партин векло Кинзингер Адама а, демократо Китинг Билла а.
Цара дийцира коррупци лелорна импорт ярна малхбузера компанеш дуьхьаллатта езаш хиларх а, Iамеркан а, Европан а барт ларбар мехала хиларх а, ткъа иштта Оьрсийчуьра режим могIарерчу бахархойх къасто оьшуш хиларх а.