Кремло леррина тергалбо Нохчийчоьнна а, Дагестанна юкъахь доза билгалдоккхуш бен болх, амма юкъа ца гIерта. Иштта аьлла Оьрсийчоьнан президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс, хаамбо ТАСС агенталло.
Президентан администрацехь "белхахой дакъа ду шайлахь регионашца зIе латтош регионийн кураторш а болуш". "Цундела дерриг а ду тергонехь", - аьлла Песковс.
Хьалхо "Кавказ.Реалиино" бовзийтира шина мехка юкъара доза къастор 2020-гIа шо тIекхаччалц йолчу ханна тIехьатотту аьлла бина сацам.
Хьалхо хаийтина ма-хиллара, президенто декхарейина Оьрсийчоьнан министрийн кабинет а, мехкийн Iедалш а 2021-ра шо доладалале регионашна а, церан ярташна а юкъара дозанаш билгалдаха.