"Дагестанерчу "Черновик" газетан "Дин" декъан редактор Гаджиев Iабдулмумин кхеташ доцчу бахьанашца лаьцна, цундела сихха дIахеца веза, дIахьедина Малхбузенан Европерчу а, Юккъерчу Азерчу а дешан маршонашна тIехьожучу дуьненаюкъарчу "Доза доцу репортераш" юкъараллин векало Бир ЙохIана.
Ницкъаша даьхначу тоьшаллашна тIе а тевжаш, журналист лаца сацамбар нийса лара йиш яц, боху Мангал-беттан 18-чу дийнахь Бир ЙохIана арахецначу пресс-релизо.
" ТIетовжа тоъал тоьшаллаш дацахь, талламхой декхаре бу Гаджиев Iабдулмумин сихха дIахеца а, бехках мукъаваккха а", - билгалдоккху Бира.
Цо хоуьйту Дагестанерчу "Черновик" газетна Iедало боцу бехкаш кест-кеста тIехьош хилар. Террорхошца зIенехь бу бохуш, бехха кхебира Iедало шеконна кIел газетера журналисташ, 2011-чу шарахь официалехь юхаийцира царна дуьхьалбаьхна бехктакхамаш. Цул тIаьхьа массех бутт баьлча вийра и газета кхоьллина журналист Камалов Хьажмурд.
Пресса мел маьрша ю гойтуш, 180 пачхьалкх зийна "Доза доцу репортераш" юкъаралло 2019-чу шарахь. Оцу рейтингехь 149-гIа меттиг дIалоцу Оьрсийчоьно, уггаре де эшна, халкъаш къизаллехь кхобу къен мехкаш бен шел тIаьхьа ца буьтуш.
Террорхошна ахчанаш гулдарна Гаджиевца цхьаьна къайлахчу сервисо (ФСБ-но) бехкево кхин а 10 кавказхо. Бух боцуш го и лецарш журналистан коллегашна.