ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампан гонера дIайоьдуш ю Оьрсийчоь массарел дика евза эксперт


Iамеркан Штатийн халкъан кхерамзаллин кхеташонехь Европера, Оьрсийчуьйра хьал зуьйш йолу президентан леррина гIоьнча Хилл Фиона дIаер ю даржера Гезгамашин-баттахь, яздо Iамеркарчу прессо.

2017-чу шарахь хIоттийра Хилл дарже. Кремлца лела юкъаметтигаш шагъярехьа хиларца евзара иза.

Британехь йина Хилл Фиона. Дешна, белхашкахь хилла Iамеркахь. 1987-88-чу шерашкахь Москох Торез Морисан арахьарчу меттанийн институтехь хаарш шардира цо. Iилманийн доктор хилла цунах Гарвардехь 1998-чу шарахь, Оьрсийчуьрчу юкъараллин-политикан кхетаман орамех лаьцна диссертаци язъярца.

Оьрсийчоьнан президентах лаьцна, цунна критика еш книга арахецна йолу Хилл Фиона муха ларор ю Трампан администрацехь болхбан, муха цхьаьнабогIийла ду цуьнан а, президентан а кхетамаш, хоьттура политикаша вовшашка.

Цхьаболчу хаамийн гIирсашна хетарехь, эшам хир бу Трампан гонна Оьрсийчоь тIех дика йовзарца гоьяьлла а, Вашингтонерчу политикаша лоруш а йолу говзанча даржера дIаяхча.

Хилл Фионех дуьсу дарж Iамеркахь герз даржорна тIехьожучу урхалхочуьнга Моррисон Тиме лур ду аьлла хета эксперташна. Ткъа ишта нислахь, хаа ду алссам адам хIалладен герзаш кхоллар Оьрсийчоьнца дицаредар эвсардакха дагахь юйла Трампан администраци, боху тергамчаша. Цул совнах, Моррисон вевза зарратан герзаш шогга тергоне оьцийла лууш хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG