ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШна ахча кхехьийтар толлуш кхо дагестанхо лаьцна Москох


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Москох а, цунна гонахарчу гIаланашкахь а лаьцна кхо дагестанхо. Экстремистийн "Исламан пачхьалкх" тобанна ахчанаш хьийсийна цара, аьлла хета ницкъхошна.

Лаьцначу кхааммо лаххара а 8 миллион сом гулдина 200 сов стагера, террорца доьзна жоьпалле ийзийна нах а бу царалахь, боху Талламан Комитето шен хаамехь.

"Дина зуламаш деза хиларна, талламхой дагахь бу кхеле лецнарш чубухку сацамбар деха", - боху урхаллин пресс-релизо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG