ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Идлибера хьал меттадалоре кхайкхина Гуттериша Оьрсийчоьне а, Туркойчоьне а


Шема -- Иблиб. Стигалкъекъа-бутт, 30. 2019
Шема -- Иблиб. Стигалкъекъа-бутт, 30. 2019

Шеман къилбаседа-малхбузенерчу провинцех Iедалшна дуьхьал болчу гIаттамхойн тIаьххьара гIап хилла, яздо "Iамеркан аз" портало.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахкхетараллан инарла секретаро Гутерриш Антониус кхайкхам бина Оьрсийчоьне а, Туркойчоьне а, Шеман къилбаседа-малхбузенехь хIоьттина хьал дIанисде аьлла.

Оццу хенахь дуьненаюкъараллан гуманитаран операцийн куьйгалхочо хаам бина, цхьадолу дарбанан цIенош долу меттигаш ца йовзуьйту цигарчу лоьраша, хIунда аьлча иза шен букъ тIехь герз нийса кхетийта гIакх дилллар санна долун дела.​

Шемарчу тIамехь президентана Асад Башара гIортор ечу Оьрсийчоьно а, гIаттамхошна тIехIоьттинчу Туркойчоьно а барт бира стохка цу регионехь хаьл дIанисдарх лаьцна. Амма тIаьхьарчу маситта баттахь иза ларбеш бац. И бахьана долуш бIеннаш эзарнаш бахархой махкахбевлла тIамах къаьхкина.

Шеман къилбаседа-малхбузехь йолчу Идлиб провинцех Iедалшна дуьхьал болчу гIаттамхойн тIаьххьара гIап хилла 8 шарахь махкахой тIом лаьттинчул тIаьхьа.

"Со вуно саготта ву Идлибехь тIемаш бар алсамдалар бахьанехь, ткъа хьал кхин а кхерамечу даьлла, кхин а алсам субъекташ цу юкъагIортар тидаме эцча", - дIахьедина Гутерриша, журналисташна хьалха вистхуьлуш, Оьрсийчоьне а, Туркойчоьне а "тIаьхьа ца тоьттуш хьал меттахотторе" а кхойкхуш.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахкхетараллан инарла секретаран гуманитаран хаттаршкахула волчу когаметто Локок Марка тIаьхьо шинарин дийнахь дIахьедар дира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахкхетараллан Кхерамазаллин кхеташоне, Оханан-беттан тIаьххаьрчу деношкахь дуьйна Дерригдуьненан могашаллан вовшахтохараллан хаамца, 26 меттиг нисйелла Шеман къилбаседа-малхбузехь дарбанан хIусамашна тохарш дина.

Цо дийцарехь, царах 2 меттиг бен яц Шеман Iедалшна муьтIахь болчу тIеман ницкъаша Iуналла дечу территорина тIехь. Локока чIагIдарехь, дарбанан цIеношна бомбанаш еттар, леррина адаман хьийзор Iалашонца деш долу тIелатарш ду.

Оьрсийчоьно а, Шеман пачхьалкхо а шеконе дехкина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахкхетараллан хаамийн хьастанаш.

"Оха хаддош тIе ца дуьту, башхалла а ца еш, оха тохарш до бохуш бехк биллар. Оха тохарш ца до маьршачу бахархошна", - дIахьедар дина Оьрсийчоьнан Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахкхетараллехь волчу векло Небензя Василийс.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахкхетараллехь волчу Шеман векло Джаафари Башара тIетоьхна, шемахоша а, церан бертахоша а школашна а, дарбанан цIеношна а тIелетарш ца до аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG