ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стагана урс хьаькхначу ФСБ-хочунна 9 шо хан тоьхна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Набахтин халачу хьелашкахь такха 9 шо хан тоьхна ФСБ-н майор лаьттинчу Стерлягов Павелна ГIебарта-Балкхаройчуьра Макитов Хьусай верна. "Дийриг а кхетош, адаман могашаллина зен дар, оцу бахьаница адам далар" артиклца бехкевина Стерлягов, хаамбо "Бакъонийн Зона" ("Зона Права") цIе йолчу интернет-хьасто.

Талламе ша бехке вац баьхна Стерлядов вилхина шена хан кхайкхош, аьлла: "Сан карах стаг велла, амма вацара со и дахарх ваккха дагахь". ФСБ-хо бехке ву, ткъа стаг вен воллуш ца хилла, аьлла ю кхелехь бехккъасторхоша тIеэцна вердикт.

Прокуроро дехначу 10 шарна дуьхьал тоьхнарг ду 9 шо.

Талламо чIагIдарехь, 2018-чу шеран Охан-беттан 5-чу дийнахь белхан декхарш кхочушдан ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Эльбрусан кIошта хьажийна волу Стерлядов а, цуьнан коллега а летта шаьш дига аьллачу метте шен машенахь дIадига реза цахиллачу Микитовх. ЧIоггIа мелла хилла ши ФСБ-хо. Микитовна иттех чов йина уьрсаца Стерлядовс. Йинчу чевнех оцу меттехь велла Микитов.

Шина ницкъхочо йиттина Микитовца хиллачу, цуьнгахьа гIодаккха воьллачу стагана а. Шаьш зулам динчу меттера цул тIаьхьа бевдда ФСБ-хой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG