ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТкачевгIеран ду Оьрсийчохь уггаре дукха латта


Краснодар-мехкан губернатор а, Оьрсийчоьнан юьртабахаман министр а лаьттинчу Ткачев Александран доьзалш бу уггаре дукха латта долу хьолахой. Н. И. Ткачевн цIарх йолчу компанера латта 649 000 гектар ду, мах бу цуьнан 68,5 млрд сом, боху Forbes журнало.

Компани кхоьллина Ткачев Александран дас 1993-чу шарахь.

Оьрсийчохь латта шен дерзийначу уггаре вехаш волчу 20 хьолахочо долахь кхобу 7,9 млн гектар латта (Чехин таханлерчу (78 866 кв. км) территорига кхоччуш барам бу иза). Оцу ткъа бизнехочун лаьттан мах бу 471,6 млрд сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG