ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

6 шо хан тоьхна Бельгино даймахка юхахьажийначу нохчочунна


Ростоврчу Къилбаседа Кавказан тIеман кхело набахтехь такха 6 шо хан кхайкхийна терроризмна бехкевечу Гехаев Iелина, хаамбо "Коммерсанто".

Талламо бахарехь, Гехаевс ахча а делла, Шема вахана, цигахь Асад Башаран Iедална дуьхьаллаьттачу дакъошкахь тIом бина цуьнан гергарчу стага Мусаев Iелас.

Бельгино тховкIело а елла, цигахь ша вехачу юкъанна, Мусаевн дехарца, цунна 1000 доллар гергга ахча хьажийна хилла цо. Оцу бахьанийца тоьхна кхело хан.

2017-чу шеран бIаьста лецира Бельгино Интерполехула Оьрсийчоьно лоьху Гехаев Iела. Стохка гурахь дIавелира Оьрсийчоьнан кара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG