ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийн шина махках цхьаъ бан гIерта Тадтаев Аланан тоба


Къилба ХIирийчохь уггаре яккхийчех йолу "ХIирийчоьнан Цхьаалла" партин лидер гIерта шайн къоман ши мохк цхьаьнатохийта.

Партин куьйгалхочо Тадтаев Алана ша дерриг а дийр ду аьлла хIирийн къам цхьаьна дахийта, хаамбо ТАСС агенталло.

Кху беттан 9-чу дийнахь хиллачу харжамаша ("уьш низам а, дуьненаюкъара бакъо а, лела кепаш а талхош бу", аьлла Гуьржийчоьно) ша-шех пачхьалкх лоручу мехкан парламенте кхачийна пхи парти. 34 депутатан мандатах 14 кхаьчна "ХIирийчоьнан Цхьааллина".

Харжамийн жамIашна ша резавоцийла хаийтина Къилба ХIирийчохь президент Iийначу Кокойты Эдуарда – "боьха" дIабаьхьина харжамаш, элира цо Маршо Радион "Эхо Кавказа" сервисна интервью луш.

XS
SM
MD
LG