ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Килт йоьхна питанча?


Социалан машанаша а, Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша а чIогIа йийцаре еш ю Абхазехь Юпшаран Iинехь хилларг: хебийна юпка йоьхначу стагана тIелетта меттигера бахархой. ХIун дара хилларг?

Гуш цхьа хIума ду цхьана стага яьккхинчу видео тIехь. Шотландерчу ламанхойн ламасте духарх – килтах тера йолу юбка йоьхна стаг ву холчуxӀoттийнарг. Меттигерчу бахархойх тасадалар ду дIадоьдуш, оьзда йоцу бага а лееш.

Колпаков Ростислав, килт йоьхначу туристан цIе йовзийтина журналисташна, араволуш а, экскурсеш лелорхочуьнца цхьаьнакхеташ а, машена хууш а боца когаш болу хеча йоьхна хилла. Гинчара дийцарехь, хьаша араваьлла туристийн автобусна чуьра, амма жимма тIаьхьо, тIе юбка а йоьзна, гонахаберш шена лейта санна питана таса волавеллла иза.

"Тхоьгахь болу хаам тидаме эцча, тхан дийца бакъо ю и стаг дуьххьара дуьйна питана таса кечвелла хиларх лаьцна. Цуьнца къамел дан гIоьртинера туризман фирмехь цу хьокъехь. Амма цхьаьнадогӀу къамел дан аьтто ца белира – уьйр ца тасийтира цо шеца", - дIахьедар дина Абхазин курортийн а, туризман а министран когаметто Барциц Астамура.

Ӏедалан гӀуллакххочун хета, хилларг леррина кхочуш йина акци ю аьлла, Абахазе богIучу туристийн терахь лахдар Iалашонца. "Тахана массара а яздинчун цIерш йоьшу коьртачу декъана. КIезиг бу хиллачун кIоргене кхийдаш болу нах. Дера, тахана кIерзачу артиклийн цIерша туристаш хила там болчу нехан вочу агIор реакци хуьлуьйтур ма ю", - боху цо.

Цуьнца цхьаьна Iедалан белхахочо тIетуьйхира, "нахе шаьш шайга кхел яр дайта мегар доцуш хIума хилар, дерриг а къасто дезаш хилар низамашца.

Туризман республика кийча хила еза цу тайпачу питанашна, боху Абхазин туризман кхеташонан президенто Калягина Аннас. Цунна хетарехь, муьлххачу а девнехь бехке ю ши а агIо.

"Нагахь вай вайн пачхьалкх туризман мохк бу бохуш делахь, нагахь вай туристаш тIеоьцуш балахь, церан лелар муха ду хьажна доцуш, вай дерриг а хаттарш кхочуш дан деза бакъонаш ларйеш. Со кхета вай Кавказехь хиларх, вай цIий чехка ду, ткъа вай ца лов сий дайар а, харцхьа лелар а. Делахь а, дагахь латто деза уггар хьалха хьешана тӀера хила дезаш вай хилар", - боху Калягинас.

Видеона йитинчу комментарешкахь аудитори екъаелла цхьатерра ала мегар долчу шина декъе. Цхьаболчара боху хьешаша ларам а, неха гIиллакхаш а лардан деза. Кхинберш тIехIиттина туристана, цуьнан духар бахьана хила ца деза стагана етта, бохуш.

Хилларг тидаме а эцна, Абхазин курортийн а, туризман а министралло декхарелахь бина берриг а республикера туроператорш шайн белхахошна хьеха экскурсеш лелорхочо а, машенлелорхочо а хIун дан деза нагахь цу тайпа хьал хIоьттича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG