ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мурси кхалхаро карзахъяьккхина Мисара


Мисара -- Мурси Мохьаммад кхелехь. Мангал.16, 2015 шо.
Мисара -- Мурси Мохьаммад кхелехь. Мангал.16, 2015 шо.

Мисаран арми а, полици а буьззинчу барамехь тIеман кечам баран хьоле яьккхина, цу мехкан президент хилла Мурси Мохьаммад кхелхинчул тIаьхьа, миллионаш болчу цуьнан агIончийн акцеш хиларна кхерам болуш. Иза даржера вохийнера 6 шо хьалха. Кху беттан 17-чохь кхелан кхеташо дIайоьдуш велира Мурси.

Кхелхинчу президентан "Бусалба вежарий" боламехула хиллачу накъосташа, боху Мурси валар леррина кечдина стаг вер ду. Иза кхелхина шена дуьхьал кхоьллина рогIера бехктакхаман гIуллакх луьстучу кхелан кхеташонехь.

Мисаран хилла президент валаран бахьана хила мега, хетарехь, инфаркт. 67 шо долу Мурси шекаран цамгар ловш а, совбаьллачу цӀийн таӀамо хьийзош а вара.

Мисаран пачхьалкхан телевизионна интервью луш, пачхьалкхан прокуроро элира, Мурси къамел деш лаьтташехь охьавуьйжира аьлла кхеле озийнарш латточу чохь. Цуьнца цхьаьна лоьраша таллам бича цуьнан дегIана тIехь цхьа а ларш ца карийна цунна ницкъ бина хиларан. Бусулба динца догIуш ма хиллара, Мурси дIавоьллира оццу дийнахь КъахIиран малбалерчу кIоштахь, цуьнан доьзалера маситта стаг дакъалоцуш а волуш.

Мисаран лидер фельдмаршал ас-Сиси Фаттах Абдел карарчу хенахь махкахь вац. Иза визитца Беларусе вахана ву, Лукашенко Александрца дийцарш дIадахьа.

Мубарак Хьосни даржера вохийча йоццучу хенахь мехкан коьртехь хилла Мурси дуьххьарлера президент вара цу пачхьалкхан исторехь дуьххьара демократин кепехь хаьржина волу. Цо шен куьйгалле ийцира мохк 2012-чу шарахь Мангалан-беттан 30-чохь, президентан харжамийн шолгIачу муьрехь 50 сов процент кхаьжнаш а гулдина.

Президентан даржехь Iийра иза 2013-чу шеран Товбеца-беттан 3-чу дийне кхаччалц.

КъахIирерчу кхелана хьалха бу Мурсин агIончаш
КъахIирерчу кхелана хьалха бу Мурсин агIончаш

Еххачу хенахь Мурси хьалханча вара Мисарерчу бусулба Маьршонан а, нийсонан а партин. "Бусалба вежарша" дакъа а лоцуш, и парти кхоьллинера цу махкахь революци хиллачул тIаьхьа 2011-чу шарахь.

202-шо чекхдолуш Мурсис "Бусалба вежаршца" бен кхин цхьанца а дага а ца волуш хийцамаш бира Мисаран конституцина тIехь. Цу хийцамаша дIадаьккхира махкахь кхелан система йозуш йоцуш хилар, президентан аьтто беш, "революци Iалашъян" кхеле латкъам бан йиш йоцу шена луъу указаш арахеца. Оппозицин ницкъашна хетарехь, Мурсис хийцамаш бинчу мехкан коьртачу низамо бакъонаш дIаехира зударшкара а, динца йоьзна йоцчу интеллегенцера а.

Мурси даржера вохийра, тIеман карчам а бина, 2013-чу шарахь Товбецан-беттан 3-чохь. И карачам бинера Мисаран армерчу инарлаша. Уьш реза бацара махкахь Мисарна исламизаци ярна а, президентан махкахь урхалла дан хьуьнар ца тоарна а, пачхьалкхан институташна юкъа дин изор алсамдаларна а, политикан оппозици юьстах йитина хиларна а.

Мурси дIаваккхале хьалха Мисарахь къепедацарш хилира, дуккха а адамаша дакъа а лоцуш, адамаш а дойуш. ТIеман министр ас-Сиси коьртехь волчу эскархоша ультиматум кхайкхийра Мурсега "халкъо бохучуьнга ладогIар" тIедожош.

Тка махкахь оццу хенахь мисархоша, коьртачу декъана мелла а дешна болчу гIалийн бахархоша, дешдакъошца мохь беттара эскархошна гIортор еш, ткъа иштта хӀаллак йора "Бусалба вежарий" боламан хIусамаш.

Президентан даржера вохийна Мурси лецира, керлачу Iедало. Цунна бехке диллира иттаннаш зуламаш дар а, пачхьалкхана ямарт хилар а, Катарна гIоле еш шпионалла лелор а, ХАМАС а, Хезболла а тобанашца юкъаметтигаш лелор а, маьрша демонстрацешна тIе герз детта омра далар а.

Хиллачу президентана кхелаш яр саццаза дIахьош дара кху дерриг шерашкахь. Вен кхел йира цунна (амма цхьана ханна тIаьхьатеттира иза, юха хийцира), валлалц чуволла сацам а бира кхело, цул тIаьхьа кхин бехкаш а дохкуш.

Ас-Сисис куьйгалла дечу эскархоша репрессеш йолийра реза боцчу нахана, уггар хьалха терроран ю аьлла дIакхайкхийначу "Бусалба вежари" боламан агIончашна дуьхьал. Иза бахьана долуш цIий Iенош керла тасадаларш хилира цу махкахь. Йина кхел а, таллам а а боцуш, лецна а, байина а, ницкъ бина а, лар йоцуш байна а эзарнаш нах бу Мисарахь.

Цуьнца цхьаьна ас-Сисис а, цуьнан гоно а лелийнарг дукхачу хьолахь вон Iаткъам болуш хилира. Цо к хин а радикалан ойланаш йолуш бира Мисарара бусалбанаш, уггар хьалха Синайн ахгIайренехь а, мехкан юккъерчу а, къилберчу а кIошташкарчу ярташкахь а беха нах.

Мисара кхечира цу махкахь гIортор карийна "Исламан пачхьалкх" тобанан а, "Аль Кайдан" а эмиссараш. Уьш эшо аьтто ца болу тахана а. Цу махкахь ерриг а кIошташкахь хIинца а совцуш дац эскархошна тIелетарш дар а, маьрша бахархошна а, кхечу пачхьалкхашкара баьхкинчу нахана а дуьхьал теракташ яр а

Путин Владимирца ("Бусалбан вежарий" болам Оьрсийчохь бихкина дуккха а хан хиллехь а) Мурси Мохьаммад цхьаьнакхийтира шозза – дуьххьара 2013-чу шарахь Зазадоккху-баттахь Къилба Африкан Республикехь хилачу БРИКС-ан саммитехь а, ткъа цул тIаьхьа оццу шарахь Оханан-баттахь Сочехь а. Мурси цу гIала ваханера официалан визитца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG